ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнца цхьаьнакхета Iалашо ю НАТО-н


Къилбаседа Атлантикан тIеман альянс кийча ю официалан кепара Оьрсийчоьнца дийцарш дIадахьа, Варшавера НАТО-н саммит дIайирзинчул тIаьхьа. Цунах лаьцна дIахьедар дина НАТО-н инарлан секретаро Столтенберг Йенса. Варшавехь НАТО-н саммит хила езаш ю хIара кIира чекхдолуш.

НАТО-Оьрсийчоь тIеххьара саммит хилира кху шеран Охан-баттахь, ши шо юкъа а дулуш. И саммит дIайирзинчул тIаьхьа дIахьедар дира шина агIонна юкъахь баккхийн цакхетамаш бу, къаьсттина Украинера малхбалехь иккхина кризис бахьана долуш аьлла. НАТО-н а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш вуно галйевлла Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар бахьана долуш а, Донбассерчу конфликтехь Оьрсийчоьно лелош дерг бахьана долуш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG