ТIекхочийла долу линкаш

Умарова Лиза йина, кхиина Казахстанехь. Ярославл гIалахь театран институт чекхъяккхина, драмтеатран актриса а хуьлуш. Нохчийчохь тIемаш буьйлабалале Соьлж-ГIалахь синбахамаллин ЦIийнан директор лаьттина. ДIаяхана яха Москох. ЦIехьа юхаяра иза 2009-чу шарахь, хIеттахь шен цIенна уллехь, герз тоьхна, вийра Нохчийчохь цуьнан ваша, юхаяхара Москох.

Москох а ца йитира иза шен кхаа бераца паргIат яха оьрсийн скинхедаший, полициной. 2012-чу шарахь, Финлянде гастролашка яхханчуьра, йисира цигахь тховкIело а ехна.

Кхушеран бIаьста ХIелсинкерчу синбахамаллин STOA центрехь шен цхьаьна актеран, иллиалархочун, «Маршо» спектакл хIоттийра цо португалхойх волчу режиссеран Луиш Рапозу да Крузан гIоьнца.

Умарова Лизин корматаллах, цуьнан иллеша кхуллучу ойланех лаьцна дуккха а яздина кху тIаьххьарчу шерашкахь финийн хьовха, Европерчу массех мехкан прессано.

Масала иштта нохчийн къоман исс башхалла дуьненна йовзуьйтуш текстан а, аудион а материал арахийцира хьалхо Iамеркарчу PRI's The World - Дуненаюкъара халкъан радио шех олучу интернет-хьостан корреспондента Тонбург Натана.

Нохчий дуьнентIехь уггаре цIена мачаш лелае а, дега-нене массарел дика хьожуш а, воккханиг чувеача, кегийнаш гIовттуш а, хаза зикар деш а къам ду боху Тонбурга. Цул совнаха, вуно хаза юьйцу цо нохчийн музыкан бахамалла. Масална йовзуьйту Умарова Лизин кхолларалла.

Шен къоман юьззина патриот, цо хьоьгу бала ма-барра дуьненна бовзуьйтуш, нохчийн къоман йоI лору Iамеркарчу журналиста Лиза.

Иштта нислуш ду нохчийн даима а. Веккъа цхьана стага дуьненна а хьалха санна дерриг а шен къоман хатI вон а хоьтуьйтуш, дика а хоьтуьйтуш. Дика ду-кх нохчий бовза араваьллачу Iамеркан журналистна Бостонера, цигахь бохам баьккхина вежарий ЦарнаевгIар а бовзале, Финляндера илланча Умарова Лиза евзина, олий хетало цундела.

XS
SM
MD
LG