ТIекхочийла долу линкаш

Харжамашкахь дакъалаца шен лаам хилар дIахаийтина Кадыров Рамзана.

Шоьтадийнахь мехкан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Кадыров Рамзана хаамбира шен Инстаграмерчу агIонтIехь, Гезгамашин-беттахь дIахьочу Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь ша дакъалаца бинчу сацамах.

Цуьнан дешнашца аьлча: «Делан пурбанца со резахилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун харжамашкахь дакхалаца.

Сан декхар хета суна хьалхарчу президентан Кадыров Ахьмада болийначу некъахула сайн къоман хьаштонна, сайн махкана, Оьрсийчоьнна гIуллакхдан».

Шен зевне къамел дерзош боху Кадыровс: «Хинболу харжамаш уггар цIена, нийсаллин харжамаш хир бу дуьненан практикехь цахиллачу барамехь».

Кху деношкахь дина къамел ду иза.

Ткъа Чиллан-баттахь, шен кхолламца дерг цхьалха далазчу хенахь, дуьме ца кхаьчначу цицго санначу кепехь оьрсийн хаамийн гIирсашна лучу интервьюхь иштта элира цо: «Лаьий суна кхин дIа а даржехь виса? Ца лаьа суна! Говзаллица, корматаллица дуккха а нах бу сан тобанца, мехкан урхалла дан хьакъ болуш. Сайн декхарш кхочушдина со ваьлла!», аьлла.

Ша аьллачунна юха вала некъ а буьтуш, тIетуьйхира цо хIетахь: « Сайга «болх бе» алахь, ца бича а ца волу со», аьлла.

Тергамчаша къайлах-къулах дийцарехь, тера ду Кремло «болх бе» аьллачух.

Бакъду, Нохчийчуьра политикан хьал шайн тидамехь латто тергамхой а, бакъонашларьярхой а, могIарера нах а тешна бара, цу даржехь Кадыров вуьсург хиларх.

Таханалерачу дийнахь махкарчу зорбанаша схьакъедорехь, Кадыров воцург а мехкан куьйгалле кхача сатесна кхин а 3 кандидат гучуваьлла.

Бисзнесхойн бакъонаш Iалашъен, кхиамен партин декъашхо Усманов Идрис ву хьалха гучуваьлларг.

Ткъа ша-м вац иза халкъаца контакте волуш а, тийна-таьIIина Iа. Ца буьйцу ша арабаьккхина некъ, халкъ Iехон гIерташ даккхийн къамелаш а ца до.

Кхо шо бен дац Усманов Идрис совдегарийн бакъоналаръечу хьукматан векалехь волу.

Цул хьалхарчу шерашкахь Нохчийчоьнан парламентан вице-спикер вара.

Гуш ду иза Кадыровн гонера стаг хилар а.

Ткъа шолгIа Кадыровн некъ хадо ваьхьнарг ву регионерчу «Нийсонан Оьрсийчоь» партин куьйгалхо Денилханов Султан.

Регионерчу коммунистийн партино КПРФ-но шайн кандидат а тоьтту харжамашкахь дакъалаца. Харжамийн урхаллин хаамашца, иза ву махкарчу Юкъараллин Палатин куьйгалхо Батаев Гайрсолт.

Эксперташа дийцарехь, и кандидаташ кеп лелорхьама юкъабалийна нах бу, харжамаш баккъал а демократин хотIехь дIахьош бу аьлла сурт кхоллархьама.

Нохчийчоьнан Федерацин кхеташонан векало Сабсаби Зияда дира тоьшаллаш, Кадыровца къовсавала цхьа а вац махкахь, аьлла.

100% ала ца хIутту ша, амма 98 процент харжамхой Кадыровн агIончаш бу аьлла хетачарех ву Сабсаби.

Товбеца-беттан 4-чу дийнахь мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалаца леринчийн тептар дуьзна хила дезаш дара.

Ткъа шаьш харжамаш дIахьур бу Нохчийчохь Гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь.

Ала догIу, Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь куьйгалхо харжар парламентан компетенцехь ду, ткъа цхьана Нохчийчохь бен дац, мехкан урхалхо халкъо ша кхаьжнаш а тосуш, къастош.

Муха бу шун хьажамаш хинболчу харжамашка, биний аш шайн къастам кхаж тасарехь аьлла хаьттира оха.масех махкарчу вахархочуьнга.

МоттаргIанаш лелор доцург харжамаш кхин бан а бац, цхьабоса элира Маршо Радионе шайн аьзнаш хазийта, доьвзачу бахаьанашца, ца хIиттинчу махкахоша.

Харжамийн хьокъехь Нохчийчоьнан журналисте, бакъоларъярхочуьнга Серганова ТIаусе хаьттира оха. Ша хIинца а кандидаташлахь къастам бина яцахь а, шерра хаьа цунна хьенан карахь буьсур бу дашо тIам.

Серганова: «ЦIена, демократин харжамаш дIабахьа лерина уьш белахь, наха хаьржжинарг хIуттур ву-кх мехкан куьйгалле. Бакъдерг аьлча, важа кхо кандидат нахана башха вевзаш вац. Кремлца а, Путинца а, Оьрсийчоьнан Iедалца а хьалхе дуьйнна уьйраш а йолуш, дуьненна а цIарца вовза а вевзаш верг ма ву важа. Цара ма-бохху хир бу и харжамаш, амма чекх мила вера ву суна-м хууш ду».

«Интерфакс» агенталлица Зазадоккхучу баттахь хиллачу къамелехь, Кадыров Рамзана элира: «Путинах доьзна ду со оцу даржехь юха а къобалвар. Ткъа со цуьнан гIашло ву, цуьнан муьлхха а буьйр кхочушдийр долуш».

Гарехь, буьйр динчух тера ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG