ТIекхочийла долу линкаш

Тийналлан раж кхайкхийна Шемахь


Шема -- Димашкан урамехь марха даста араваьлла кIант. Товб. 6, 2016

Шема -- Димашкан урамехь марха даста араваьлла кIант. Товб. 6, 2016

72 сохьтехь махкахь тийналлан раж хIоттийна шаьш аьлла дIакхайкхийна Шеман армино. Иза доьзна ду мархийн бутт дIаберзарца. Шеман армино бинчу хаамца, герзаш деттар сацийна Асад Башаран ницкъаша Кхаарин дийнахь меттигерчу хенаца кхо сахьт даьлчхьана.

Шеман пачхьалкхан хаамийн гIирсаша бинчу хаамца, и раж лаьттар ю Товбеца-беттан 8-чу дийнахь буьйса юккъе яххалц. Цкъачунна цхьана а гIаттамхойн тобано шена хетарг ца хаийтина цу хьокъехь.

Шемахь Чиллан-беттан 27-чу дийнахь дуьйна дIакхайкхийна ду тIемаш бар сацадо аьлла. И барт бина Оьрсийчоь а, Iамерка а юкъарло лелош а йолуш. Амма цу конфликтехь дакъа лоцучу агIонаша, шайна юкъахь Оьрсийчоь а йолуш, лардеш дац дIакхайкхийна маслаIат.

Герзаш деттар сацадо аьлла барт беш дакъалоцуш яцара "Исламан пачхьалкх" олу тоба. Герз деттар сацадо аьлла барт бинчу хьалхарчу деношкахь дикка лахделлера тIемаш бар. Амма цул тIаьхьа Шеман армино, Оьрсийчоьно гIортор еш, керлачу ницкъаца дIадолийра тIемаш бар.

XS
SM
MD
LG