ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британин Iедалш сихделла хилла Иракъе эскарш хьовсо


Британи -- Лондонехь шайн рапорт довзуьйтуш ву сэр Чилкот Джон. Товб. 6, 2016
Британи -- Лондонехь шайн рапорт довзуьйтуш ву сэр Чилкот Джон. Товб. 6, 2016

Британино Иракъерчу тIамехь дакъалаца деза аьлла сацам сихбелла бина а бара, харц хаамашна тIетевжина бина а бара аьлла жамI дина сэра Чилкот Джона куьйгалла дечу комиссино. Кхаарин дийнахь Чилкота довзийтира шаьш, 2009-чу шарахь дуьйна таллам а бина, кечдина рапорт.

Цу документаца а догIуш, Британин Iедалша кхоччуш мах хадийнера ца хилла Иракъана тIелатахь хIун хир ду бохучуьнан. Комиссино билгалдоккху Британино шен эскарш Иракъе хьовсийна хилар Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин кхеташонан дукхах болчу декъашхоша елла бакъо а йоцуш.

Чилкотан рапорта тIехь иштта билгалдоккхуш ду премьер-министро Блэр Тонис Иракъерчу тIеман операцехь дакъалаца эскарш хьовсор шеконе сацам хилла хилар, кху тIаьхьарчу 50 шарахь пачхьалкхан арахьарчу политикехь бина болу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG