ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белоруссин Iедалша къайлаха ладугIу шайн махкахойн къамелашка


Белоруссин Iедалша, мобилан зIенан компанийн машанах пайда а оьцуш, къайлаха ладугIу шайн махкарчу бахархоша дечу къамелашка. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Amnesty International олучу дуьненаюкъарчу адамийн бакъонаш ларйечу организацино динчу дIахаийтарехь.

Бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, Белоруссера мибилан компанеш хоттаелла хила езаш ю, операторшна а цахууш, SORM олучу Iедалшна нехан телефонашка ладогIа аьтто лучу системица.

Карарчу хенахь Белоруссехь болх беш ю Австрера Velcom а, туркойн Life, Оьрсийчура MTS а компанеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG