ТIекхочийла долу линкаш

Меркела бехке вина Путин Европа а, Оьрсийчоь а эгIарна


Германи -- Меркел Ангела, Товб. 2016.

Германи -- Меркел Ангела, Товб. 2016.

Дозанаш хьедийр дац аьлла бухе йиллина принцип шеконе йиллина Оьрсийчоьно аьлла, дIахьедар дина Германин канцлеро Меркел Ангелас. Бундестагехь йистхуьлуш цо Кремл бехке йина Европана а, Оьрсийчоьнна а юкъахь тешам барна. Меркела билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьно лелочо кхерийна Европан малхбалера НАТО-н декъашхой йолу пачхьалкхаш.

Меркелна хетарехь, и пачхьалкхаш тахана гIортор яр оьшуш ю Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсера. Цуьнца цхьаьна канцлеро даре дина, Европехь кхерамазалла хилийтарца доьзначу хаттаршкахула Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш лелон езаш хилар.

Меркела дийцарехь, НАТО-н карарчу хенахь йолу стратеги еккъа ларъяларан чулацам болуш ю. Германин канцлеро шен и дIахьедарш дина Варшавехь кху беттан 8-чу а, 9-чу а деношкахь НАТО-н саммит хила езаш а йолуш. Цу саммитехь дийцаре дийр ду НАТО-н ларъяла болу аьттонаш чIагIбар.

XS
SM
MD
LG