ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Финляндехь тховкIело ехна Chechenews.com сайтан авторо


Синькова Светлана. 2016.
Синькова Светлана. 2016.

Нохчийн тIемалойх материалаш язъярна, террроризм бакъйеш ю аьлла Оьрсийчоьнан Iедалша чуйолла хьийзош хиллачу Усолье-Сибирское гIалара яхархочо Синькова Светланас политикан тховкIело ехка Финляндехь. Цунах лаьцна «Грани.ру» сайте хаам бина цуьнан материалашна репосташ йина волчу Киевехь вехачу политикан мигранто Крюков Сергейс.

41 шо долу Синькова ша йинчхьана бIаьрзе ю. Иванова Людмила псевдоним а лелош, Синьковас артиклш язйеш хилла Chechenews.com сайт тIехь, Оьрсийчоьно Къилбасада Кавказехь дIахьон империн политика емал а еш. Церах цхьаъ ю "Амир Магас: я чист перед людьми и Богом" цIе а йолуш.

И материал бахьана долуш ФСБ-но бехк такхаман гIуллакх схьадиллинера Синькована дуьхьал. Цунна 7 шо хан тоха мегаш яра. Баханчу-баттахь Иркутскехь психиатрин экспертизех чекхъяла езаш хилла иза. Шена нуьцкъала дарба лело мегара аьлла дIаяхана Синькова Оьрсийчура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG