ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна лахделла бераш дар Нохчийчохь?


Бакъду, стохка хIинцачул дечу берийн терахь лакхара хиллехь а, тIаьххьарчу пхеа шера чохь и барам лахлуш схьабогIу. 2010-чу шарахь эзар нохчочунна тIекхуьуш 30 вахархо хиллехь, стохка ца кхиина тIе 24 бен.

Делахь а стохка Нохчийчоь, кхечу меттигашца юьстича, уггаре дукха бераш ден регион ю бохура оццу Росстато. Цо ерриг Оьрсийчохь алсам чкъор тIекхуьу гIала ю аьлла хастийра Устрада-ГIала. Цигарчу адам кхиар-далар тергонехь латточу урхаллин (ЗАГС-ан) куьйгалхочо иштта довзийтира адам дебаран бахьана.

Устрада-ГIаларчу ЗАГС-ан куьйгалхо: " 1700 сов бер дина, 195 стаг велла устрада-ГIалахь стохка. Бераш дар алсамдаьлла, махкахь дерриг а долундела - берийн бошмаш, луш долу ахчанаш. Хьелаш дика ду, цундела кхуьу доьзалш а. дахар-некъ вайн тобалар ду-кх дебаран бахьана а...".

Реляцеш стохка иштта хилла хиларна, тамаше хетало шо гергга хьалха уггаре дукха бераш ден регион ю баьхна мохк тахана уьш уггаре кIезиг дечийн декъа кхачар.

Амма йоккха башхалла ю Iедалан цIарх валар-висар зуьйчу хьукматерчу белхахошна хетарггий, могIарчу бахархошна хетарггий вовшашца дуьстича.

40 шо долу Нохчийчуьра могIара яхархо ю Зарета. Цо Маршо Радиона дийцира шена бераш дар лагIдаларца доьзна гушдолу бахьанаш. Лакхахь Устрада-ГIалин хьукматхочо бохучуьнца аьттехьа а ца догIу цунна хетарг.

Зарета: "Таронаш яц нехан бераш кхаба. Хьалха 8-9 бер хуьлура доьзалехь, уьш кхаба ков-керт, лелош даьхний дара. ХIинца яц и гIортор. Кегийнаш ца теша кханенах, цундела бераш а ца до. ШолгIа бахьана ду, вуно дукха нах махкара дIабоьлхуш латтар".

Шеран, эха шеран терахьаш, нехан самалхадаккха я дог догдохон санна, сихлой, статисташа даржадеш нисло хьолах лоций. Ткъа доьзалш дебар шо шаре мел долу лагIлуш схьадогIийла гуш ду Оьрсийчуьрчу говзанчашна.

Царна хаьа демографин хьал Оьрсийчохь оьшуш лаьттийла. Стохка, масала, 35 эзар стаге охьадаьлла Оьрсийчоьнан бахархойн терахь. Белларш биначел а алсамбевлла бохург ду иза. Демографин зераша гайтарехь, толур а дац терахьаш кеста, кхин а кIарглур ду баларшний, бисаршний юкъадоьлла ор.

Стохка Марсхьокху-беттан 31-чохь арадаьллачу "Московский комсомолец" газетана ша еллачу интервьюхь демографа, Оьрсийчоьнан Iилманан академин Социалан- политикан талламийн Институтан коьртачу белхахочо Рыбаковский Леонида элира, 2020-чу шаре кхочуш Оьрсийчоьнан бахархойн терахь 5 миллионна лахлур ду, ткъа, цо бахарехь, иштта и терахь охьадуьйлаш а лаьттар ду 2027-гIа шо тIекхаччалц.

Стенна лахделла ц1еххьана бераш дар Нохчийчохь?

Говзанчаша толлур ду хьал (нагахь шайна талла магадахь). Оьрсийчоьнан кхечу регионашца дуьстича, долчу бахьанашна т1екхетачех ду хьалхо хьахийна долу нохчех вуно дукха нах, шайх махках а буьйлуш, Оьрсийчуьрчу кхечу меттигашка а, Европе а д1аоьхуш латтар.

Ткъа доккхачу декъанна, дахаран аьттонаш лоьхуш, юьстахбуьйлурш къона доьзалш бу. Го иза, масала, Польше а кхаьчна, кхечу пачхьалкхашка дIасабаха хьаьгна, Белорусерчу Брест гIала леста б1еннаш адамаш кху деношкахь тергалдича, я, аьр вай, Германехь, Францехь, Австрехь мухIажирийн каппашкахь тховкIело йоьхуш сецначу нохчийн дукхалле хьаьжча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG