ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан ши дипломат арваьккхина Вашингтоно, изза дина Москохо а


Оьрсийчоь -- Москох Iамеркин векалаллан неIарехь, скриншот.

Оьрсийчоь -- Москох Iамеркин векалаллан неIарехь, скриншот.

Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн махкара арваьккхина Оьрсийчоьнан ши дипломат. Иза дина Москох Iамеркин дипломатана тIелатар динчул тIаьхьа аьлла ду Iамеркин Пачхьалкхан департаменто динчу дIахьедарехь.

Мангал-беттан 29-чу дийнахь Washington Post газето хаам бинера цу беттан 6-чу дийнахь Iамеркин векалалла ларъечу ФСБ-н белхахочо тIелетта белш а кагйеш йиттина векалаллан чувоьдуш хиллачу Iамеркин дипломатана аьлла.

Шоьтан дийнахь Оьрсийчоьнан Iедалша шайн агIор Москохара дIавахар тIедитллина Iамеркин шина дипломатана. Оьрсаша дIахьедарш до Iамеркин дипломат вара тIелеттарг Iамеркиy векалалла ларйеш хиллачу шайн гIаролхочунна бохуш, Амма интернетехь дIасаяржийначу видео тIехь гуш ду оьрсийн полисхо, шен буткин чура ара а иккхина, стагана цIеххьана тIелеташ.

XS
SM
MD
LG