ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2016-чу шеран Олимпиаде буьтур бац Оьрсийчура атлеташ


Атлетикан дуьненаюкъарчу ассоциацийн федерацино бакъо ца елла Рио-де-Жанейрохь хир йолчу Олимпиадехь дакъалаца Оьрсийчура 67 стангана. Верриг а Олипан ловзаршкахь дакъалацийтахьара аьлла дехар динарг ву 136 атлет.

Цкъачунна Дуьненаюкъарчу федерацино Рио-де-Жанейрохь хир йолчу Олимпиадехь дакъалаца бакъо елла Клишина Дарьяна. Иза къовсалур ю геналла кхоссалуш.

Оьрсийчоьнан спортан министро Мутко Виталийс дIахьедар дина шаьш бакъо елла кху шарахь хир йолчу Олимпиадехь дакъалоцур долчу Оьрсийчурча спортхошна иза дан Дуьненаюкъарчу Олимпан комитетан байракхан кIеллахь.

Баханчу батттахь Атлетикан Дуьнеюкъарчу ассоциацийн федерацино допинг лелорна дихкира Оьрсийчурча спортхошна 2016-чу шарахь хир йолчу Олимпиадехь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG