ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мэй Тереза ю Британин лидеран дарж къовсуш


Британин энергетикан министр, консерватор Линдс Андреа мехкан премьер-министран дарж къовсучу боламера яьлла, хаамбо Рейтерсо. Иштта, юьсу ша цхьаъ бен кандидат а йоцуш, оцу къовсамехь Кемерон Девидера гIант схьаэца лерина йогIу Мэй Тереза.

Консервативан партин комитетан векало Брэди Грэма бахарехь, Мэй консерваторийн партийн коьрте хIоттор дуьсу, амма иза сихдан дагахь ю парти. И хаам баржийна The Independent газето.

Мэй Тереза карарчу муьрехь Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министр ю. Иза дуьхьал яра пачхьалкх ЕвроБертан декъара яларна. Ткъа цуьнца къийсаелла Линдс, мелхо а, шайн мохк сихха Европан пачхьалкхийн гонах мукъабалийта луучех яра.

Британино ЕвроБертера яла леринчу хьелашкахь Кемерона буьтучу премьер-министран метте хуур ву консервативан партин лидер – иштта ду пачхьалкхера низам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG