ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абхазехь рефендум чекх ца яьлла


Абхазин куьйгалхо Хаджимба Раул
Абхазин куьйгалхо Хаджимба Раул

КIирандийнахь Абхазехь референдум дIаяьхьира мехкан президент хенал хьалха харжа тору я ца тору аьлла халкъе хаттамбеш. Оршотдийнахь оцу дуьнено къобалъяза юьсучу пачхьалкхан куьйгалхочо Хаджимба Раула дIахьедина, ши процент харжамхой баьхкина а йоцу референдум хилла яьлла лорийла дац, аьлла.

«ХIоттийна хаттар махкана мехала доцийла гойту» нах референдуме цабахкаро, аьлла Хаджимбас. Харжамийн гоно даржийначу терахьашца, ван везачу 130 эзар вахархочух ца веана референдуме 2000 стаг а. Ткъа баьхкинчех эхаммо аьлла, президент хенал хьалха харжа торуш ду. Хьалхо Хаджимба Раула дIахьединера, нагахь санна бахархоша референдумехь лаам къадабахь, ша дарж дита кийча ву, аьлла.

Абхазехь тIаьххьарчу заманахь шозлагIа дIаяьхьина мехкан дех йолу референдум. Кхул хьалха 1999-чу шарахь абхазаша Гуьржийчоьнах дIакъаьсташ йира референдум.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG