ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Португалхошка кхаьчна чемпионалла


Линкана тIе

Тобанехь цхьа гIараваьлла ловзархо а волуш, цу ловзархочо йоллучу матчан динамика билгалйоккхуш а йолуш, боллу сатийсамаш а цуьнан говзаллех а, масаллех а боьзна а болуш болчу ловзаршкахь ма-хиллара, Португалин тобан букъатIум лара мегар долчу Роналдоца йоьзна дара цу тобан толаме сатессинчеран массо а догйовхонаш а.

Ткъа ловзар доладелла дукха хан ялале цуьнан голах францхочо Пайес мийр тоьхна, иза лазийна, велха ца велха гIерташ садетташ, лаьттахь Iен висича, и дегайовхо шелйала йолаелира.

Ша мел чIогIа лазийнехь а, оцу шена а, ша капитан волчу шен тобанна сел мехалчу матчах юкъара ца валархьама, кхин дIа а ловза гIоьртира иза. Амма масех минот яьлча кхин гIуллакх ца хуьлуш, шен пхьаьрсахара капитан бехчалг кхечу ловзархочунна дIа а елла, лоьрашка ша уппагIнаш тIехь дIавахьийтира, бIаьрхиш ца сецалучу Роналдос.

И сурт, футболан майданара дIахьош волчу вайн заманан тоьллачу ловзахочуьн сурт, футболъезархошна 2006-гIа шо карладоккхуш дара. Германехь футболан дуьненан чемпионатан финал ловзочу хенахь Италин, Францин ши тоба вовшахтассаеллера, дуьненчохь цу муьрехь уггаре а воккханиг футболхочуьн Зидан Зинединан тIаьххьара ловзар а дара иза.

Матч йолаелча дуьйна схьа Зидан ловзарах вохо гIерташ, цунна муьшкаш еш, цунна ког туьйсуш хиллачу италхочо Матераци шега эххар а цхьаъ аьлча, саца а сецна, юхавирзина, цунна некхан унна тIе корта туьйхира Зидана.

Оцу сохьта кхелахочо цунна цIе карта гайтина, ловзар юккъера ара а ваьккхира иза. ХIинца Роналдон голах мийр тоьхна, иза йистах ваккхар а дара спортан гIиллакхашца кIеззиг догIуш хIума, социалан машанашкахь эзарнаша нехан яккхий шеконаш кхоллаеллера, Пайес и мийра лерина тоьхна болчух тера ду, аьлла. Ловзаран низам лардечу кхелахочо и хIума тергал ца деш дитина хиларна.

Цул хьалха, ах финалехь францхой немцошца ловзучу хенахь, кхечу кхелахочо францхойн цхьа могIа гIалаташ а, цара спортан низамаш хьешар а я можа а, я цIен а карта ца гойтуш дитина хилар тидаме эцча-м муххале а.

Амма нийсо спортехь даима а ца толахь а, тулуш хилар гайтира Европин чемпионатан финалан чакхено. Ловзаран хан чекх а яьлла, кхин а ах сахь тIетоьхначу муьрехь португалхочуьн Эдеран каделира, францхошна гол тоха. Цу цхьаъ бен йоцучу голо ловзаран жамIа а билгалдаьккхира, дуьххьара шен пачхьалкхан исторехь Португалех Европин чемпион а еш.

Маршо радион дехарха чемпионатан тIаьхьара матч тергалъеш хиллачу экс-футболхочо Сатуев Адама дийцарехь, вуно исбаьхьа ловзар а, хьовсархойн тидам хьалхарчу минотера тIаьхьарчу мIаьргоне кхаччалца шена тIера дIа ца болуьйтуш интенсиве футбол а яра финалехь францхоша а, португалхоша а гайтинарг.

Сатуев: „Сийсарлера довзар вуно йоккха драматургия шеца йолуш дара, чIогIа лакхарчу тIегIанна тIехь а дара. Суна -м финалехь Германий, Португалий ловзхур ю моьттура а, амма немцой жимма хьалхехь арабовла дийзира.

Ткъа сийсара португалхоша шайн ницкъаш нийса дIасабекъар бахьана долуш а, церан тактика дика хиларна а цаьрга толам баккхабелира. Цул совнаха, оцу францхоша Роналдон йина чов цхьа лерина йича санна хийтира суна, иза юккъера ваккха, цундела а уьш толар суна чIогIа тайра“.

Оршот дийнахь шайн Даймахка Европин бокал йохьуш цIабирзина болу Португалин буьркахловзархой Лиссабонан урамашкахь къоман турпалхой санна базбеш бу.

Цу юкъана телевизионехула и ловзар тергалдеш хиллачу миллионаш футболъезархойн дог дашош сцена хилира ловзар дирзинчул тIаьхьа. Шаьш эшарна холчу хIоьттина, юхь тIе куьйгаш а дехкина, „ахIинехь“ воьлхуш лаьттачу францхойн тобан фанатана тIе а вахана, цхьана португалхойн жимчу кIанто куьг схьа а лаьцна, шега хьасталучу агIор цуьнан догхьаста а, иза теван а гIоьртира.

Цецваьллачу францхочо цу кIантана кортах барт баьккхира, воьлхучура саца а сецна, велакIежира иза. Олуш ма-хиллара, чакхенгахь доттагIалла тулуш хилар гайтира цу догцIенчу беро хIоттийначу гIиллакхо.

XS
SM
MD
LG