ТIекхочийла долу линкаш

Стенна уьду Нохчийчуьра бахархой?

Нохчийн мухIажирш Брестехь.

Нохчийн мухIажирш Брестехь.

Нохчийчуьра бахархой юха а алссам макахбийла боьлла. Иза хаало кху муьрехь Оьрсийчоьнан Германица доза долчу Калиниградехь а, Полше  кхачочу Беларусерчу Брестехь а. Амма хала ду, дозанхоша мага а дина, Европе кхача. Эзар сов нохчийн доьзалш бу тахана оцу шина меттехь, масала, мухIажиралла доьхуш.

ХIоьттинчу хьолаца дузу Маршо Радионо кху кIиранан хаттар. Стенна ца тору Нохчийчоьнан бахархошна шайн цIахь совца, хIун лоьху цара дозанал арахьа?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.Прагера телефон: + 420 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG