ТIекхочийла долу линкаш

Юьртабахамийн говзанчаша а, латтанаш дуьйш-дерзош бахчабеллачу къинхьегамхоша а даре а деш, сих-сиха догIанаш делхарца доьзна, кхушара санна хьийкъина ялташ кхианза дукха хан хилла махкахь. Бакъду, юх-юха а тIейоьлху изза йочанаш бахьнехь,вуно даккхий зенаш хуьлуш лаьтта ялташ кхиор болх-некъ бина лелачу долахошна а, бахамашна а.

Цунна даре до официалан хьостано а. Юьртабахаман министаралло Iорадаьхначу терахьашца 222 эзар гектар сов латтанаш ду Нохчийчохь ялташ дIадийна,царех хIинцале чаккхе йоцуш оьхучу догIанаша вуно чIогIа зенаш дина 23 эзар гектар тIехь ялташна.

Къаьсттина эшам хилла боху говзанчаша макхана. Ялташ чудерзор юккъе кхаьчна цахилар хьесапе эцча, и зенаш кхин а алсам довла тарлуш ду. МаьбхькIамхоша чIагIдарца ялташкхиорхошна хилла зенаш билгал а даьхна, кечдина кехат-тоьшалла дIахьийтина Оьрсийчоьнан юьртабахаман министаралле, цуьнгара гIо хиларе сатуьйсуш.

Цуьнан жамI муха хир ду ала хала ду. Ткъа тахана къинхьегамхой хаза,маьлхан деъна де-м стенна дуьйцу цхьа сахьт а эрна ца догIуьйтуш,тасабелла бохкуш бу мукъ а,кIа а схьаэца гIерташ. Ахь хаттаре а ваьлла,дIа мел хьавинчо,барт бича санна, ялхориг тоаме йоцу техника,мА-дарра аьлча комбайнаш. Царех ву Шелковск кIоштера Магамадов Муса а.

Муса: «ДогIанаш дах мел дели а синалла меттахйолу,цара дукъаш ду ялташ. Цул сов дужуш а ду ялта. Ялта схьалахьо кхачо йоллуш техника а а яц. Тхан кIоштеххьа-м яц,кхечанхьа хIуъу делахь а».

Шен долахь комбайн а йолуш,кху тIаьххьарчу I5-I6 шарчохь ялташ кхиош ву Новр кIоштера Илес а. Карзахе хьийза Iалам далхор доцуш цо а, къастам боллуш чIагIдо оьшучуьнга хьажча техника аьттехьа а тоьуш цахилар а, цуьнца доьзна дукха ялта схьаэцаза дуьсуш хилар а. Илес ву ,холча а хIуьттуш, довш лаьттачу ялтех а.нехан къих а дуьйцуш.

Илес: «Кхин комбайнаш ца хилахь ялташ кхин а довр ду-кх. Хаза нехан санна синалла а хьалататтаелла, ялта латтахь Iуьллуш а дукха ду. Охьадижна а хилча.юкъахь синалла а хилча камбайне схьа ма ца эцало..

Хьажал селхана догIа деъна.тахана малх хьаьжна. Делкъал тIаьхьа ирахь долу ялта хьакхалур ду,ткъа Iуьллуш дерг хьакхалур дац, стенна аьлча иза бухахь тIуьна хир ду,иза Iаь а гIуьттуш лаьтташ ду. Хьакха техника а яц, я кху догIанаша а ца вуьту.

Лаьттахь долу ялта цхьа мажар дулуш санна хIума хуьлуш ду. Ялта тIех даьлла. Iуьллуш дерг ахь меттах доккхушехь буьртиг охьабужу. ХIинца гIой хьажал хьо,комбайн дIаяхначу лорах ган а гуш, вуно дукха охьаэгна буьртигаш ду-кх дIадийча санна. Цу нехан къа ду-кх валлай ду-кх…».

Кхушара карзахечу мехашца а, къоранца а дилхинчу догIанаша зенаш динарг еккъа цхьа Нохчийчоь хилла ца Iаш, дуккха а кIошташ ю Оьрсийчохь ялтийн а,стоьмийн а дараш хилла. Цундела латтанаш дуьйш-дерзош къахьоьгуш болу долахой тешшане а тешаш бац мел даккхий зенаш хиларх шайна Iедалера гIо хир ду бохучух.

XS
SM
MD
LG