ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан Штатийн тIеман министр Картер Эш кхайкхоза вахана ОфхIанистанан лидершца а, цигарчу Штатийн тIеман ницкъийн векалца а цхьаьнакхета Кабуле. Iалашо ю президентца Ашраф ГIаница а, шен пачхьалкхо ОвхIанистанехь кхобучу эскарийн буьйранчица Николс Джонца а Кабулна тIеман ницкъашца тIекарло яр дийцаредан.

Деношкахь президента Барак Обамас дIахьедира, Iаьмеркан Штаташа ОвхIанистанехь латтош долу эскар 8400 салтичуьнга хьаладузур ду, аьлла, хьалхо уьш 5500-не лахдийр ду баьхнехь а.

Шен тIеман дакъоша а, Атлантикан тIеман альянсо а, бухарчу ОвхIанистанан полицин ницкъаша а террорна дуьхьал латтабен къийсам эвсарбоккхуш, Вашингтон дагахь ю ша шарахь дойу ахча 5 миллиард долларе хьалакхачон.

XS
SM
MD
LG