ТIекхочийла долу линкаш

Ленинан хIолламна тIе Украинан байракх йилларна


Челябинскерчу кхело эхашарна дахдина психиатрин дарбанцIийнехь Морошкин Алексей кхабар, хаамбина цуьнан нанас Морошкина Татьянас прессехь.

Сепаратизме нах кхайкхарна стохка аьхка бехктакхаман дов гIаттийна цунна дуьхьал, цо «Вконтактехь» Уралан халкъан республика кхолла еза аьлла яздарна.

Талламаш дIахьош медицинан эксперташа «паранойян шизофрени» цамгар ю цуьнца аьлла къастийна. Дахначу Iай дуьйна кхобу психиартрин карахь Морошкин ницкъаша дарбадойтуш. Нанас бахарехь, эшна цуьнан могашалла тIаьххьарчу кIиранашкахь.

Хьалхо бехктакхаман дов айдира цунна дуьхьал цо Челябинскехь Ленинан хIолламна тIе басаршца Украинан байракх йилларна.

Адамийн бакъонаш ларъечу «Мемориал» центро политикан тутмакхийн могIарахь лору Морошкин Алексей.

XS
SM
MD
LG