ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровн гергарнаш - мехкан куьйгалхой


Оьрсийчоь -- Петарбухахь Кадыров Ахьмадан цIарах тIай хилийтарна дуьхьал митинг, 6Тов2016

Оьрсийчоь -- Петарбухахь Кадыров Ахьмадан цIарах тIай хилийтарна дуьхьал митинг, 6Тов2016

Нохчийчоьнан экономикан а, юкъараллин а кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхочун дарже хIоттийна хьалха а лаккхарчу даржашкахь Iийна Черхигов Идрис.

27 шо бен доцу жима стаг лаккхарчу даржашкахь Iан ларавалар иза Кадыров Рамзанан йишин воI хилар лору «Кавказан Узел» газетехула Нохчийчоьнан цхьаццаболчу бахархоша.

Кхечу йишин воI Закриев Якъуб а ву, Черхигов санна, кест-кеста мехкан лаккхара даржашка хIиттош.

Уьш санна, шен дуккха а кхиболу гергара нах а латтабо Кадыровс хьаькамаллехь, масала, Черхигов Идрисан да Рамзан транспортан а, зIенан а министр ву.

И тайпа масалш тIех дукха ду, дуьйцу интернетерчу «Кавказан Узел» газето шен агIонтIехь.

XS
SM
MD
LG