ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн ярташкахь уьнах леш ду бежанаш


ХIинццалц, дуьззинчу бIешарахь, Оьрсийчоьнна юьстах ю баьхна цамгар яьржина даьхнашна Къилбаседа Кавказехь – Нодуляран Дерматит. Вирусо яржош, бежанна хорша тухуш, чкъурана даI деш, цIий талхош ю и цамгар.

Схьаялар Малхбале Африкера а, Индера а долу, тайп-тайпана цIерш йолу цамгар (нодулярный дерматит, узелковый дерматит, кожная бугорчатка) тахана шуьйра яьржина даккхий зенаш деш ю Къилбаседа Кавказан пачхьалкхашкахь а, Оьрсийчоьнан кIошташкахь а.

Цу цамгар хьалха ца яьлла Нохчийчоь а. Вайнаха даре а деш, уггаре а доьхнарг ду цу тамашечу цамгаро яьржаш, ша нахана бо эшамаш, де-дийное мел дели алсамбохуш, шорбеш хилар.

Даьхнех болх-некъ а, дезар а дина бехачу юьртахоша лоьрашка орцанаш доху, цара шайн ницкъ кхочучу барамехь дарбанаш а леладо, амма тIаккха а даьхнашлахь дараш дукха ду.

ХIора дийнахь аьлча а харц хир доцуш, цхьана билгалйинчу а, билгал ца йинчу а меттигашка, шайн лаам-таронашка хьажжа дIатекхош ду наха делла бежний. Наггахь волчо ор а доккхий, шен ницкъаца лаьттах дуллу делла бежана, наггахь волчо дага а до.

Бакъду цу декъехь Iедало лоцуш цхьаллиг цхьа дакъа дац.

Масала, хIинца хIара къамел ас, могильник олучу, бежний чархаш дIатекхийначу меттехь деш ду. ТIекIал Iохкуш ду са даьлла хьайбанаш. Мохана тIаьхьашха бен тIе а ца вахалуш ирча сурт ду схьагуш дерг.

И цамгар хIаваэхула а дIасаяржа тарло бохуш лоьраш леткъамаш бахь а, уьш лаьттах дохка саготта бац кхузахь юртдай биста кхаччалц Iедалхой.

Делла Iохкучу бежнийн оьланашна гена боццуш бежаш юьртара бажа а, жа а ду. Цу цамгаран ун царех хьаккхадала а тарло –кх, нахана хуьлуш лаьтта зенаш деба а мега-кх аьлла, бала кхочург а хилла арадолуш садоIу дегI дац. Теркаца Iохкучу кIошташкахь, ур-аттал Гуьмсан кIоштехь а цхьа юрт яц иттаннашкахь, ткъаннашкахь цу цамгаро даьхний эгоза.

Бахархоша шайн ка яьл-яьллаче дIатекхадо зене девлла хьайбанаш.

ХIинца со Теркаца Iуьллучу цхьана юьртара, нехаш а, кхаьлли а кхуьссучу оьланехь ву. Ишта меттигашкахь а кIезиг дац къайлах а, къулах а наха дIакхиссина бежнаш. Цунна даре до соьца къамел деш волчу, нехийн меттехь къепе латточу Iумара а.

Кхузарчу хьолах цакхуьург инзаре цец а воккхуш, тамаше хеталуш кхин цхьа хIума а ду- хIара ишта хила ца дезара, цамгаро эгийна бежнаш маьI-маьIIе охьакхиссар кхин тIе а кхерам баржош хIума дац, аш и муха могуьйту аьлла хаттаре ваьлча жоп дала хIуттуш да вац юртдайшлахь а, я лоьрашлахь а.

Хуьлуш долчух шаьш кхуьуш а дац, я Iедалан мукъ карахь болчарна хIара чолхе, эшаме хьал ма-дарра девза аьлла а ца хета шайна бохуш даггара цецбуьйлу цхьаберш.

Царех ву Соьлж-ГIалин кIоштера вахархо Дурдиев Сайди а

Кхин цхьа хIума а ду тидаме эца хакъ долуш. Хууш ма-хиллара, тахана аьттан мах лаххаре а 40-50 эзар сом бу, нагахь елла бежана чохь кхобуш ярстош хиллехь, цуьнан мах кхин а лакхара хила а тарло.

Тамаше хеталург ду могIарерчу нахалахь наггахь стаг а цавалар, Iедало гIо дийр ду-кх, Iедалера аьтто хир бу-кх хилла зе дайдарехь аьлла дегайовхо кхобуш.

Дукхахболчарна мотта а ца моьтту шайна Советан Iедало деш ма-хиллара гIо дан догIу а, и дагахь а доцу даьхнийн цамгар яржарна а, цо махкахь «орам» хецарна а Iедалехь берш жоьпалле буй а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG