ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москохарчу Iедало дIасаекъна дотацеш регионашлахь


Оьрсийчуьрчу мехкийн бюджеташ балансе ерзош, 21 миллиард соьме кхоччуш дотацеш екъна Москохарчу Iедало. Къилбаседа Кавказан а, гонахарчу а мехкашна делла ахча иштта декъна: Краснодарна – 2 миллиард гергга, миллиард 300 миллион – Аштаркхна, Къилбаседа ХIирийчоьнна – 1 миллиард совъоьккхуш.

Бисинчу мехкашна миллиардал лахара – Дагестанна, Ставрополна – ах-ах миллиард, Нохчийчоьнна – 400 миллион, ГIалгIайчоьнна – 230 миллион, ГIалмакхойчоьнна – 136 миллион, Черкесскна – 100 миллион гергга, Адыгейна – 89 миллион.

Еллачу дотацех цхьа дакъа бюджетан белхахошна алапа совдаккха хьажийна, хаамбо Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG