ТIекхочийла долу линкаш

Штатийн Хаамийн гIирсийн хьаькам юхахьажийна Оьрсийчуьра


Iамеркан Штатийн хаамашбаржорехула йолчу кхеташонан (BBG) куьйгалхо Шелл Джеффри довзийтина а доцчу бахьанца ца ваийтина Оьрсийчу. Прагера Москох кхаьчна Шелл шинарийн буса, амма Шереметьевохь сацийна.

Массех сахьтехь ша къастийна, къевлинчу чоьнаш чохь а латтийна, Iуьйранна 5 сахьт даьлча Амстердаме доьдучу кеманца дIахьажийна. BBG куьйгалхочуьнга, хьуна даиманенна а некъ бихкина бу Оьрсийчу, аьлла аэропортан кхерамзаллин декъан белхахоша.

Iуьйранна BBG-н векалша дийцаредина хилларг Оьрсийчуьрчу Iамеркан векалехула Теффт Джонехула Вашингтонна дIахаийтархьама.

Оьрсийчоьной, Штаташий дипломаташ дIа-схьа хьийсочу, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш шелъеллачу муьрехь нисъелла инцидент.

Штатийн хаамашбаржорехула йолу кхеташоно (BBG), шена юкъахь Маршо Радио а йолуш, урхалла до Iамерко дерриг а дуьненехула бечу хаамех.

XS
SM
MD
LG