ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а вийна аш-Шишани Iумар


«Исламан пачхьалкх» олучу тIеман тобанийн хьостано кхаарийдийнахь дIахьедина, аш-Шишани Iумар – Батирашвили ТархIан – Иракъерчу аш-Ширкъат гIалина гергахь, Iамеркан авиацино динчу тохаро вийна, аьлла. Амакъ олу ДАIИШ-о кест-кеста пайдаоьцуш хуьлу информацин интернет-агIо ю хаам баржийнарг. «Исламан пачхьалкх» олучу тобанийн тIеман министр шех олуш хилла аш-Шишани вийна аьлла хIинцачул хьалха иттаза сов даржийна прессехь.

Хьалхо Шемарчу бакъоларъярхоша хаийтира иза Иракъехь лаза а вина, Шемарчу Раккъа гIалина гергахь дарба лелош вара, цигахь дIаваьлла, аьлла. 5 миллион доллар мах бара иза волу меттиг йовзийтинчунна Iамеркан Штаташа кхайкхийна. Паьнказарчу цхьаболчу бахархоша Маршо Радионе дийцарехь, иза вина, кхиинчу цигахь а дуьйцу Батирашвили вийна бохуш, амма тIечIагдеш хьостанаш яц цкъачунна.

Карарчу муьрехь Иракъан эскар ДАIИШ-хошкара Мосул гIала йоккхуш ду. БагIдадна 250 чаккхарма юьстах лаьтта Аш-Ширкъат доккхачу декъанна гонелаьцна эскарша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG