ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн гIиллакхаш ...ширделла?


Къоман дахар то а делла, иза тодинарг шаьш а ду, олий, дозаллаш даржадо прессехь, телевизионехула Нохчийчоьнан Iедалерчу гоно.

Хенарчу бахархошца, баккхийчаьрца-м хьала а, охьа а вуно аттта ду, яханчу хенашца дустар а далош Iар-дахарх къамелаш дан а, заманан йохаллехь хийцаме девллачу гIиллакхех, Iадатех, амалех дийца а.


Цхьаболчарна хетарехь луьра еъначу хено кхоьллина билам-хьелаш бахьнехь адамийн эхье айпаш, даима а хьуламехь латтош хилла бехке амалш тIехула евлла.

Иза ишта дан ма ду аьлла,ойла сецначех ву соьлжагIалахо Шарпудди.

Шарпудди: «Къайладевлла лаьттина адамаш гучудевлла. Хьекъал дерг а мила ву хиъна,собар дерг а вевзина, лай амалш ерг а цIарца вевзина. Хьалха дIакхуьссуш хилла тIехула евлла хIумнаш, тахана лераме ю-кх».

Кхечу къаьмнашна дустар а эхье хир доцуш, юьхькIаме хилахь бен, нохчашкахь хаза нехан санна гIиллакхаш ду аьлла тешначех цхьаъ ву Девкар эвлара эчиган пхьар Халад.

Халад: «Со цец а воккхуш, нахехь гIиллакхаш го-кх сунна, сайгахь оццул гIиллакх хир дарий-те олий со шекволуш меттигаш а йогIу. Вай дика нах дукха бу шуна. Ошшада биллахI, сарралц цунах дийца ма ду сан…»

Кху тIаьххьарчу 30-40 шерашкахь вайнехан амалехь, леларехь, дукха хIумнаш хийцаме девлла лоручех ву Шелковск кIоштера Сулумбек.

Цунна хетарехь чолхе еъначу замано адамехь доллург зе санна,коьртах даьхна нехан сакхташ. Цунна йоккха башхалла го хьалхалерчу дахарца а, тахана гучу суьртаца а.

Сулумбек: «Цу хенахь хилла къинхетам хIинца 10% а ца бисна. Ваша ваша волчу а ца воьду, йиша а ца йоьду. Тахана дуьненан бахамехь шена кара хIума еънарг, хьаькам иза вахнехь а, я хьарам кара хIума деънехь а цу стага шен гергарчаьрца йолу юкъаметтигаш хедайо.

Иза ша санна хьарамло лелочунна тIе а воьду, чукаренаш а лелайо. Ас и дерриге бусалбалла ледара хиларца дузу-кх. Шалхонаш дахарехь чIагIьелла. Суна цхьаболу хьаькамаш бевза-кх, кхунна адамех, акхаройх ша воцург кхин хIумма а деза а дезий те, эша а оьший - те аьлла ойла кхоллало. Цхьана а хIуманах къахетий-те царна? Ишта ойла дебба-кх сан коьртехь..»

Хьалха а, хIинца а мел бен-бен го хьуна дахар аьлча, нийсаниг олийла лаьий хьуна аьлла, долийра шен къамел Новр кIоштехь вехачу Абзотов Нохьас.

Нохьа: «Хьуна нийсаниг олийла лаахь, 22 шо Курскойн кIоштан гIамаршкахь а даьккхина цIа вирзина со, тIемаш белахь а шен цIахь хилар гIолехь ду аьлла. Кхара тахана мискачу нахехь къизалла яллош ю. Со дохковаьлла ву-кх, хьуна бакъдерг дезахь.

Къинхетам бац, доглазар а дац. Сийдоцчу даьлла дерриге а. Моттбеттар лераме даьлла. Къизалла ю олалла деш махкахь».

ТIехIоьттинчу замане хьаьжжа хийцаеллачу хенах а, адамех а дийцинчу бахархойн къамелашкахь, ца ган а, хаа ца дала а амал а доцуш юкъара а дара цхьа хIума- цара массара а даре дора адамашна бехке –эхье а, юьхькIамейоцу а амалш, айпаш «нахала даха» гIо дийриг тIехIиттина Iедалхой а, церан лаам, аьллар дахаре дерзош каде хьийза маьхькIамхой а бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG