ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь юха а тезет даьлла


Ерриг а Францина даьлла Ниццехь динчу зуламах тезет. Еарийн сарахь Ингалсан хинберд олучу майданахь, Бастили яккхинчу Дийнан даздаршкахь эзарнашкахь адам лаьттачу меттехула 2 чаккхарма, нах а хьоьшуш, чекхъяьлла кир кхоьхьу машен. 84 стаг велла, 100 сов лазийна, халчу хьолехь бу царех ах сов. Ницце веъначу президенто Олланд Франсуас бира и хаам. Хилира иза чоьхьарчу гIуллакхийн министрца Казнев Бернарца дарбан цIийнахь а.

Терор деш гинчу немцойн журналисто Гутьяр Рихарда дийцира шена гинарг: цхьа мотоциклца вогIу стаг машенна тIаьхьа а кхиина, цу чуьрчунна тIекховда гIоьртира, зуламхо сацо дагахь, амма хеца а велла, чкъургаш кIел а вахана, машено хьашна вийра. Машенца хилларг ву Францера тунисхо, оццу Ниццехь ваьхна 31 шо долу Ляуэйж-Булэль Моамед. Иза вийна цуьнан машен сацо дуьхьалбевлла хиллачу полисхоша.

Цкьачунна хууш дац динца иза муха хилла, я яра цуьнан, яцара террорхошца зIенаш. Зулам тIе ца эцна цкъачунна цхьаммо а. Кхаа денна кхайкхийна махкахь тезет. Ниццехь къевлина ю массо а смукъадоккху меттигаш, луьйчийлаш. ТIаьххьарчу эха шерачохь кхозлагIа дина и тайпа хала талор. Пачхьалкхехь 8 бутт гергга хан ю кхерамзалла хIоттош низамхоша барамаш латтабен. Уьш кхин а кхаа баттана дIабахбина президента Олланда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG