ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема террорхой кхиабе меттиг лору Кэрри Джона


«Шема дерриг а дуьненна дуьхьал террорхой кхиабе меттиг ю», аьлла Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретаро Керри Джона Ниццехь хилла бохам хьахош Москох пIераскана. Шен Оьрсийчуьрчу коллегица Лавров Сергейца дийцаршкахь Iачу юкъанна элира цо иза. Де хьалха ша президентца Путинца дина къамел пайде а, оьшучух а дара, бохура Керрис.

Москох пIераскана пресс-конференцехь президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс хаамбира, Путина Керрица къамелдеш ца хьахийра Шемара хьал эскарийн юкъарлонашца дерзо деза, аьлла.

«Амма дийцира цара тIеман юкъарло лелон оьшуш хиларх лаьцна» - аьлла Песковс. Керрис ша динчу дIахьедарехь хаийтина шен Путинца Украинера конфликт ерзорах лаьцна къамел а хиллийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG