ТIекхочийла долу линкаш

Стенна уьду нохчий шайн махкара Европе?


Австрига тховкIело йоьху мухIажирша

Австрига тховкIело йоьху мухIажирша

Муьлххачу а доьзалехь кIант я йоI,шаьш я шайн берашций дахаран аьтто каро махках бовлар боккха хилам бу. ГIийла,миска боллучу доьзална,забарна а доцуш,вуно боккха кхаъ бу,некъахьовзам ца хуьлуш, тIех харж а ца еш я ницкъала халонаш а ца ловш, гергара адамаш Iалашо лаьцначу пачхьалкхе дIакховчар.

Нохчийчохь могIарера гIуллакх ду,буххера дуьйна Iар-дахар хийца тохабелларш новкъа бовлале,уьш Деле боьхуш, царна тIера сагIанаш дахар а,могуш-маьрша уьш дIакхевчча,дукха таьжгенаш ца лелош, царна тховкIело ялийтар доьхуш а юха а сагIина мерза даарш декъар. И дан кIадо ца йо мел гIийла бохкучара а.

Кхузахь тергаллучу хьолан,тIехула а дина, хьесап даро гойту, дукха болу нохчий,масала шеко а йоцуш,иттаннах бархI амал дацарна, сагIа деха ара ца бовла, шайн доьзал хене баккхархьама дIаоьхуш бу Европе.

«Сан кIант а,нус а дехьадаьлла бутт кхочуш лаьтта,- воккхаверца дуьйцуш ву,ша хаал хилчахьана,мел хала а белхаш беш,кхузткъара ваьллехь а тахана а эксковатор олучу трактор тIехь волу Султанов Хьалим.

Султанов: «Некъахь а, дозанехь а цхьа хьем ца хуьлуш кино чохь санна, дIакхевчи уьш Германе. ХIусам а елла шайна бах. Валлай,бохург боккха дуй бу-кх,нахера 300 эзар а даьккхина, дIахьовсийна ас уьш. ХIумма а дохко а ца ваьлла. КIез-кIезиг дIатокхур ду, жима а ког хIоьттича кIанта а доуьйтур ду. Уьш дIа ца бахийтанехь,нехан трактор тIехь напха даккха гIерташ воллучу сан царна дан хIума-м дацара».

И къамел дина Хьалим цхьа вац шеен хьажам-ойланца. И саннарш дукха бу.

ТIетаьIIина адам махках дийлар хьокъехь шен –шен хьажам бу хIораннан а. Цхьаболчарна Оьрсийчохь дIахьуш леррина политика ю аьлла хета меттигаш яссо, кхечара Даймахкана пебеттар ийман кIезиг хиларца дузу… дагардан воьлча бахархоша дало бахьанаш дукха ду. Шатайпа а ала тарлуш, хьажам болчех ву, мел хало Iовша езахь а, махках ца вала нигатдина Новр кIоштера вахархо Мухтар.

Мухтар: «Кху Оьрсийчохь хIоьттина хьал муха дуй,дуьйцуш цхьаъ ду ,лелош дерг кхин ду. Кхузара адам дIадоьду хIума ду-кх кхара лелориг,хIара меттигаш яссо Iалашо лаьцча санна. Доккха хIума буха а диллина лелий те аьлла а хетта суна.

Адам дIадоьду агIо ю-кх коьртехь болчара лелориг. Европа боьху ю а боху цара, кхузахь дика а ду боху цара,амма гуш дерг кхин ду,адам лоллуш дуй-те моьтту суна-м. Ийман кIезиг хиларна дIаоьху аьлла хета суна нах цкъадолчунна…

Халонаш ловш,къурд бина а Iаш ву-кх со масала. ТIедуха а,даа а доцчунна сатоха ма деза. Сайн махкара кхечарна луур а даьккхина дIаваха суна-м ца лаьа. Сайн ницкъ кхаьчча ас-м богIуьйтур бацара нохчий дIа. Дика нах дIа а бахна,вочу нахана йисча, кхин а бехлур яц хIара меттигаш?

ДIа а вахfна, башхачу меттехь ваха хиъна стаг юхавоьрзур ву аьлла ца хета суна. Уьш хиларо Iехор бу. Цигарчу дахарх бола а боьлла дIа совчур бу. Цунна масалш ма ду дукха,замано шен кIоргенехь хьулдина. Хонкар махкахь биснарш а ма бисина ишта…»

Карарчу хенахь тергаллучу хьолаца цхьа бахьана дац цкъачунна, махках буьйлуш дIаоьхучу бахархойн а, я цига Европе кхача Iалашо а лаьцна, "ницкъаш гулбечеран " могIанаш кесталгIа лилха девр ду ала.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG