ТIекхочийла долу линкаш

Шоьтан буса Iедал шен караэца лерина, карчамбина Туркойчохь тIеман ницкъаша. Министрийн кабинет а, парламентан комплекс а шайн карахь ю аьлла эскархоша буьйса юккъе йоьдуш.

ТIеман ницкъийн векалша хаамбина, шаьш конституцин низам метта а хIоттор ду, адамийн бакъонаш а чIаг1йийр ю, къепе а тойийр ю аьлла.

Президента Эрдоган Тайепа а, премьер-министро Йылдырым Биналис а дIахьедина, эскархой карчамбан гIоьртина пачхьалкхехь, аьлла.

Анадолу агенталло буса бинчу хаамца, беракеманаш дара Iедалан гIишлошна т1ехула хьийзаш. Хонкаран маьI-маьIIехь хезара дуьйлу герзаш. Оццу агенталло дечу тоьшаллица, тIеман техника сацо гIертачу маьршачу нахах массех стаг герзаш тоьхна лазийна эскархоша.

Президент Эрдоган кхерамзаллехь ву, хаамбина, хьостанашна тIе а тевжаш, Си-Эн-Эн Тюрк телеканало.

XS
SM
MD
LG