ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчоьнан Iедало 6000 стаг лаьцна шоьтан буса махкахь карчамбан гIортарна бехкевеш. Пачхьалкхан хьукаматаш кхидIа а «уьнах цIанйийр» ю, аьлла кIирандийнахь Истамулехь тезетахь къамелдеш президенто Эрдоган Тайипа.

Iамеркахь тховкIелонехь веха оппозиционер-Iеламча Гюлен ФетхуллахI карчам кечбинарг лоруш дара туркойн лидеран къамел. Ша Iамерке иза схьавалар доьхур ду, бохура Эрдогана. Iедалан хьалханчаш а, ша президент а гуламашкахь бу кху деношкахь, халкъаца къамелаш деш.

Лецна махкахь 50 инарла а, лаккхара эпсар а. «ЦIанонан операци» ю дIахьош, аьлла оцу хьокъехь юстицин министро Боздага Бекира. 245 стаг велла карчамхойх а, царна дуьхьаллаьттинчех а, боху Iедалхоша.

Истамулехь а, Хонкарахь а дахар шен хорша дирзина, хаамбина премьер-министро Йылдырым Биналис. Цо бахарехь, шайн рожехь болхбеш ю банкаш, биржанаш.

XS
SM
MD
LG