ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Доьзалан сий" лардеш йийна пакистанхо вашас


Пакистанан полицино лаьцна медиа-хьостанашкахь евзаш хилла шен йиша Белуджа Кхандел ерна бехке вен Iазим Васем.

Мултан гIалахь йийна карийнера Белуджа. Ша иза цIийнан сий лардеш йийна, дохко а ца ваьлла, аьлла, къера хилла ваша. Къовсам лаьтта Пакистанехь и къиза хилам бахьанехь.

Белуджа Кхандел – телешоу, социалан машанашкахь, прессехь лелаеш цIе яра йоьIан, ма-ярра цIе цуьнан Iазим Фаузия хилла. 8 бIе эзар доттагI вара цуьнан Фейсбукехь. Пакистанехь къовсам эккхийтира цо цхьана вевзаш волчу моллица цигаьрка узуш даьккхина шен сурт социалан машанашкахь а даржийна.

Полицино бинчу хаамца, йоI садукъдина йийна карийна шен цIахь.

Iазим Фаузия ер ца тайначу бахархойн гуламаш хилла Лахорехь а, Карачехь а. Iедале «цIийнан сий» бахьана а деш, зударшна ницкъбар доьхкуьйту низам тIеэца бохура гуламхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG