ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхеле балха дIаоьцург - 4 миллион сом кхаъ


Ставропол-махкарчу Невинномыскерчу кхелан белхахо а, цуьнан цхьа накъост а бехкево бозбунчалла лелорна. Кхелахочо ша 4 миллион соьмах кхелахочун меттиг нисйийр ю аьлла хилла цхьана болх лоьхучу юристе.

Вукхо иза дийцина кхечу цхьаьнга, ткъа иза юкъарло дан араваьлла юристаний, Невиномысскерчу суьдхочунний. Шекваьлла юрист федералан кхерамзаллин урхалле (ФСБ) айкхваьлла, кхелахочунна дуьхьал дов айдинчу Талламан комитетан белхахоша дийцарехь.

Иштта ФСБ-но ахча а диллина, иза дIалуш кеп а хIоттийна лаьцна кхелан белхахо. И хаам баржийна Талламан комитето шен сайта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG