ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алматыхь тIелатар дина герзахоша


Оьршотдийнахь Казахстанерчу Алматы гIаларчу полицин декъанна тIелатар дина герзахоша. Лаххара а вийна кхо эпсар, массех лазийна. ТIелеттачех цхьаъ шаьш вийна, хаамбина полисхоша. Зуламхой маьрша бу цкъачунна, хIусамашкара ара ца бовлар дехна алматыхошка Iедало. Кхо полисхо воцуш, цхьа маьрша вахархо а вийна, боху Казахстанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Казахстанехь и тайпа зулам шозлагIа деш ду кху шина беттачохь. Хьалхо Актюбинскехь герзаш диттина 28 стаг вийра кхеташ доцчу бахьанца гIевттинчу кегийрхойн тобано. Алматын полисхоша оршоьтадийнахь лаьцна полицина тIелеттачех цхьаъ, иза Кызыл-Ордара 27 шо долу вахархо ву боху.

ТIелатар дозу дахначу кIиранах Кызыл-Ордахь цхьа зуда ер толлуш дIахьочу гIуллакхца, хаамбина Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG