ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан спортера хьаькамаша даржаш дуьту


Оьрсийчуьрчу спортан министраллин кхин а масех белхахо даржах мукъаваьккхина. Царлахь ву Iилманан департаментан куьйгалхочун гIовс Абалян Авак, Олимпан комитетан медицинан, талламийн программийн урхаллан куьйгалхо Родионова Ирина, спортан министран антидопинган декъан хьехамча Желанова Наталья а. Оьрсийчоьнан спортан министро Мутко Виталийс бина и хаамаш.

Оьрсийчоьнан премьер-министран Медведев Дмитрийн сацамца оршотдийнахь цхьана ханна дарж мукъадаккхийтинера спортан министран гIовсе Нагорных Юрийга. Президента Путин Владимира хьалхо дIахьединера Дуьненаюкъарчу антидопинган агентство шен рапортехь спортхойн анализийн пробанашца бозбуанчаллаш леладо аьлла бехкебина даржахой церан хьокъехь талламаш бина бовллалц балхахь бита магор дац аьлла.

ВАДА олучу дуьненаюкъарчу допингаца къийсам латточу агенталло арахецначу рапортатIехь оьрсийн антидопинган лабараторин белхахоша хуъушехь пайдаоьцуьйтуш хилла спортхошка магошйоцучу препаратех, аьлла яздинера. Цул совнаха спортхойн анализашца хьарамлонаш лелочаьрца декъахь хилла ФСБ а.

XS
SM
MD
LG