ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчохь тIеман карчам бан гIортарна бехке лору оппозиционер Iамеркехь веха мозгIар Гюлен ФетхуллахI лацар кхойкху Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка туркойн Iедало. И хаамбина Рейтер агенталле Туркойчоьнан юстицин министро Боздаг Бекира.Туркойчоьнан премьер-министро Йылдырым Биналис бехкейо Iамерка политикехь шалха стандарташ лелорца. «Оха 4-зза досье яхьийтина Iамерке пачхьалкхехь карчам бан гIоьртина коьрта террорхо схьавоьхуш.

"Тхан тоъал тоьшаллаш ду Гюлен зуламна бехкехилар чIагIдеш» аьлла парламентан декъашхошна хьалха премьер министро. Нагахь санна, Гюленна дуьхьал кхачо йоллуш тоьшаллаш хилахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона ша тидаме оьцур ду аьлла Гюленан экстрадици яр. 200 стаг а вуьйш пачхьалкхехь хийцам бан гIортар вовшахтохарна Туркойчоьно бехкевчу Iамеркехь вехачу Гюлен ФетхуллахIа тIе ца оьцу шена бехк.

ТIаьххьарчу хаамашца Туркойчохь вийнарг 208 стаг ву, цхьа эзар виъ бIе везткъе цхьайттанна кеп-кепара чевнаш йина.

XS
SM
MD
LG