ТIекхочийла долу линкаш

Трамп Доналд толам баккха лерина ву харжамашкахь


Шинарийдийнахь республиканхойн партино билгалваьккхина шен цIарах президентан дарж къовсу кандидат, бизнесхо Трамп Доналд. Гуламан шолгIачу дийнахь къаьстина Трампа оьшучул а сов аьзнаш гулдина хилар номинаци схьаэца. «Республиканхойн партино къобалвина Трамп Доналд президентан харжамашкахь дакъа лацийтархьама», аьлла дIакхайкхийра Палатан спикеро Райан Пола оршотдийнахь гуламан хьалхарчу дийнахь.

Гуламехь юьхьанца Трамп Доналдан кандидатура бен ца хиллехь а, масех эзар кхаьжнаш цуьнан къийсархошна Круз Тедна а, Рубио Маркона а, Кейсик Джонна а кхаьчнера. Вице-президентан дарже партино хьалхатеттинчу Индиана штатан губернаторан Пэнс Майкан кандидатура а къобалйина гуламхоша. Республиканхойн партин декъашхошлахь цхьалла цахиларо президентан дарж къовсучу Трамп Доналдна новкъарло хила тарло толам баккхарехь.

Гуламан 4-чу дийнахь хезар ву вистхуьлуш ша кандидат, Трамп Доналд.

XS
SM
MD
LG