ТIекхочийла долу линкаш

Кхаарийн Iуьйранна гоьваьлла журналист Шеремет Павел хаьхкина йоьдучу машенчохь эккхийтина. И хаам баржийна цо болх бинчу «Украинхойн бакъдерг» газетано. Шеремет чохь хилла машен газетан куьйгалхочун Притуля Аленин долахь ю. Ша Притуля машенчохь ца хилла. Шеремет Павел украинхойн, беларусхойн, оьрсийн журналист вара. Дуьххьара журналистан карьера йолийра цо шен 44 шо долуш Белорусан телехьожийлехь.

1998-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалца оьрсийн хьалхарчу каналехь корреспондентан болх бира цо. ТIаьххьарчу шерашкахь «Украинхойн бакъдерг» газетехь а, «Хаамаш» Радиохь а къа а хьоьгуш, Киевехь вехара иза. Маршо Радион эфирашкахь кеста-кеста хезара Шеремет Павел, Оьрсийчохь а, Украинехь а лаьттачу политикан хьолах дуьйцуш.

Украинхойн «Майданан» агIонча ша хиларе терра Кремлна критика ярца къамелаш а дора цо.

XS
SM
MD
LG