ТIекхочийла долу линкаш

Базаршкахь, туьканашкахь дика го бахархойн таронийн тIегIа. Цунна тоьшаллаш до стаммийчу,декхархойн дIаязбинчу тептарша.

Дахарехь зеделла бакъдерг ду, схьахетарехь, йоккха башхалла йоцуш махкара хьал массо кIошташкахь вовшех тера детталуш хилар: белхан меттигийн къоьлла я шорта хиларца а, бахархойн хьашт-дезарш листарехь а, махкахойн таронийн барам хаарехь а…

Доцца аьлча юкъараллин хьал довза а, нехан таронаш мел ю хаа а башха меттиг ю базар. Цигахь, йохка-эцаран туьшехь, куьзгана чохь санна ган аьтто бу адам мел токхонехь деха.

Аренца йолчу кIошташкахь, цхьа шеко а йоцуш,дукхахдолу адам дIалург юург-мерг а оьцуш хене долуш ду. Цигахьчул эшаме делахь бен воккхаве хьал дац ламанан кIошташкахь а.

Цу декъехь, тIедиллина хIума оьцучу кIоштех Ножай юрт кIошт хьалхарчех цхьаъ лоручех ю йохкаэцархо Зулпат. Цуьнца нисделла сан хIара къамел.

Зулпат: «Тхан Нажин-юртан кIошт хьалхарчу меттехь ю-кх лург юургаш эцарехь. Ахь дуьтур доций хиъча бен схьа-м ца ло декхар. Кхаа шарахь,пхеа шарахь шайна тIаьхьабазораш а бу. Мархина хIумнаш кхехьнарш а бу,хьалха хьалха дуьйна а.

Аш кхаьбна марха а хир дац, аш йина Iамал а хир яц,хьашт доцург мА леладе,шайн карадеънарг схьало аьлча а ла-м ца ло. Шайна тIаьхьаваьлча,девне вала волавелча хала схьало цхьаболчара. Сан цхьа декхархо йолу кхо шо а сов ду.

Схьа ца далало. Шайн гIуллакхаш кхочушдо… Лург оьцурш дукха хилар ас муха кхетадо. Къинхьегаман мах ца хаьа царна. Нехан чот а ца йо цара…Цундела хьедо декхар»

ТIедиллина хIума оьцуш бехаш берш лахбалар метта дебар, церан могIарш стамдалар, хIора шарна а къоьлла яржарца, коьртах яларца дузу махбарх болх-некъ бина лелачу Осмаева Поллас.

Полла: «Лург оьцурш берш дукха бу гIийланиш, мисканиш алсам болу дела. ЧЧохь даа хIума дойцуш, ур-аттал шекар эца таро йоурш мел дукха бу хаьий хьуна? Къаьсттина Нохчийчохь бу уьш шорта. Деладуьхьа бу-кх».

Йохка-эцарца доьзал хене боккхурш боцуш, кхечу бахархошлахь а баннне боцу хьесап ду, лург хIума эцар дIа а даьлла, шайн дахар кесталгIа битаме догIур ду аьлла, чIагIо ян хIуьттуш берш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG