ТIекхочийла долу линкаш

Германи реза яц Туркойчохь чолхе хьал кхайкхорна


Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджепа дIакхайкхийна шен пачхьалкхехь кхаа баттанана чолхечу хьолан раж . Оцу хьоло бакъо ло пачхьалкхан куьйгалхочунна парламентца дага а ца вуьйлуш керла низамаш тIеэца. Бакъонашларъярхой кхоьру, оцу хIоттийначу ражо махкахь аьтто ца хиллачу гIаттамхошна низамехь доцу таIзарш дарна.

Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Валтера кхойкху Туркойчоь сихонца махкахь чолхечу хьолан раж кхайкхийна омра юхадаккха. Министр саготта ву йоккхачу ханна хIоттийначу хьолана.

Иштта Штайнмайера доьху туркойн Iедалшка гIаттамхошна дан леринчу таIзарехь, низамашна тIетовжар, адамийн бакъонаш а ларъеш.

XS
SM
MD
LG