ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу Iедало толлуш ду ловзар дирзина масех де даьллачул тIаьхьа Соьлж-ГIаларчу цхьана петарчохь делла карийначу йоьIан а, кIентан а гIуллакх. Болчу хаамашца, шаьш шайна тIе куьйг даьхьна, кхелхина и къона шиъ. Махкарчу прокуроран гIовса Джанхотов Заурбека билгалдаккхарца, 1996-чу шарера кIанттий а, 1994-чу шарера йоIIий а делла карийна Старопромыслан кIоштарчу цIа чохь Товбеца-беттан 14-чу дийнахь.

Джанхотовс бахарехь, суицид ян цхьа а бахьана а дацара церан, шаьшиъ далале хьалха тIаьххьара яздина кехат а дитина цушимма: «Цхьа а вац бехке тхан дахар хадарна, гергарчаьрга гечдар доьху» аьлла. Карарчу хенахь цу хиламан кхо верси ю талламчаша тидаме эцна, зуьйш: я цхьамма байина, я шайна тIе куьйг хьочу хьоле баьхна, я суицид.

Талламан комитето хаамбо, цкъачунна бехктакхаман гIуллакх долийна дац, шиъ даларан бахьанаш, хьелаш, некъаш толлуш ду барт-хаттам беш тешашка, гергарчаьрга, хьакъдолу экспертизаш а еш. РИА «Керланаш» хьостанан хаамашца, делла йоI, кIант таро йолчу доьзалера хилла. Жимстаг Лондонехь лоьрийн корматалла караерзош хилла, ткъа йоI Соьлж-ГIаларчу университетан студент яра.

XS
SM
MD
LG