ТIекхочийла долу линкаш

Гергарчу шерашкахь Нохчийчохь ерриг а хьал долуш а, тоъал рицкъ кхиош а, Iедална ял луш а хила еза, дIакхайкхийна мехкан куьйгалхочун декхарш дечу Кадыров Рамзана.

«ХIора кIошт а, гIала а шаьш шайна пайда беш хила еза. Шаьш школаш а, дарбан хIусамаш а, некъаш а латто деза цара. Цул совнаха, цара кхочуш ян еза проекташ, шайн меттигийн экономикан а, социалан а таро алсамъяьккхарехь».

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна декхарш кхочуш дечу Кадыров Рамзанан, дешнаш ду аьлла, цуьнан зорбан-сервисо гIарадьккхина хIара къамел.

Дийцарехь, цо хIоттийначу Iалашонца ларавелларг бен дика префект а, гIалин-да а лорур вац хIинцачул тIаьхьа.

Иштта хаам бина бюджетан профицит йолуш, кхечу дешнашца аьлча: схьаоьцучул а дукха дIалуш, махкахь массийта кIошт ю. Вуьйш а, лаахь а ца лаахь а, далахь а, ца далахь а, цаьрца нийсъяр тIедожийна церан куьйгалхошна.

Хила деза, дийр ду, дан лерина ду бохучу кепехь, даима санна дIахьедарш а ду экономикехь хила мегачу кхиамехь буьйцуш. Республика куьйгалхочо аьлла боху цуьнан зорбан-сервисс, Нохчийчоь юьртбахаман комплексехь а, индустриализацехь а, бизнесехь а, туризмехь а, уггаре а хьалхарчу меттехь хила еза.

Кхочуш хира юй-те республика коьртачу Iедалхочо хIоттийна Iалашонаш? Уьш муха ян еза? Юккъараллийн Iилманан белхахочунна Бено Шемална хетарехь, и гIуллакх кхочуш деш оьшург ю команда а, лаккхара говзалла йолу нах а. Амма, лаар цхьаъ ду, кхочуш дар-кхин ду элира цо.

Бено: «Лехча-м кара ма бой миччахь а. Рамзан-политикан куьйгалхо ву махкахь. И политика дIаяхьархь-м дерг ала ца хаьа суна, амма цо дIакхайкъош дерг а, кхидерг а, республика хьалхарчу меттехь хилийта цунна лууш хилар гуш ду. Ингалсан маттахь ма аллара «Team»-«команда) ю цунна оьшург. Ткъа, вайн махкахь шен хьал ду, кхечанхьа-кхин ду».

Нохчийчурчу Iедалшна хьалхахь хIоьттина долу сурт, мацца а хила дезаш дара. Сихонца, буьрсачу амалехь, хьашна дIабаьккхина гIаттамхойн болам.

ХIинца экономика кхио гIерта. Ткъа, далур дуй иза, оццу эскархойн омрица аьлла, шена цуьнах хетарг дийцира нохчийн совдегара Авторханов Адама.

Авторханов: «Моьттуш хир ду, ша омра дIа ма делли, ша дерриг кхочуш хир ду аьлла. Тахана хьо полисхочо сацийча, хьан паспорт гайтичхьана, хьайн тайпа дийцичхьана ма ца долу иза. Iамабайта беза нах Лондоне а бахийтина, лаккхара экономикан доьшийле. ТIом бар санна, атта ма дац и болх бан. Цу тIехь, кIорге ойла а еш бан ма беза иза».

Нохчийчоь боккъала экономикан кхиамаш бахийта лаам болуш, кхин цхьа гIулч а яьккхина меттигерачу Iедалша. ХIора кIиранах, федералан телехьожийлехь гайта а гойтуш йоьдуш ю реалити-шоу.

Лохуш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочунна экономикехула хьехамча. Муьлхачу а къомах хилча бен вац, изза, лаккхара говзалла йолуш стаг хилчхьана аьлла ду, оцу проектан авторша.

Дуккха а нах бу, схьагарехь, цигахь дакъалоцуш. Цхьаболчарна, шаьш болх бан леринчу Нохчийчоьнан цIе муха йоккху а ца хаьа.

Цхьаммо, шен видеорезюме яхьийтина, ша иштта а, вуьшта а белхахо ву, ша дика лакхенаш а йохуьйтур ю, шена дукха езачу Ичкерига, аьлла.

Гарехь, иза чекх ца вала а там бу!

XS
SM
MD
LG