ТIекхочийла долу линкаш

Йоьдий-те Оьрсийчоь Олимпан ловзаршка?


Дуьненаюкъарчу спортан арбитражан кхелан секретар Риб Матье кхелехь тIаьххьара дош олуш Оьрсийчоьнан спортхойх лаьцна.

Дуьненаюкъарчу спортан арбитражан кхелан секретар Риб Матье кхелехь тIаьххьара дош олуш Оьрсийчоьнан спортхойх лаьцна.

Оьрсийчоьнан атлеташ Бразилерчу олимпикан ловзаршкахь дакъалацарх дерг къастош дара кху деношкахь Швейцарехь дуьненаюкъарчу спортан арбитражан кхелехь.

Нагахь санна оьрсийн яйчу атлетикан спортхойн кху дене кхаччалца мелла а сатийсам хиллехь, шаьш кху шарахь Рио де Жанейрохь дIахьон долчу Олимпикан ловзаршкахь дакъалаца мега-кх аьлла, еари дийнахь Швейцарерчу Лозаннехь Дуьненаюкъарчу арбитражан кхело шен вердикт йовзийтинчул тIаьхьа и сатийсам бешна ала мегар ду.

ХIунда аьлча, хетарехь, Дуьненаюкъарчу Олимпикан Комитето ша хьалхехьо дIахьедар дина ма-хиллара, оьрсийн спортхой Олимпикан ловзаршна юккъе битарх долу хIума къасточу хенахь арбитражан кхелан сацам тидаме оьцур бу.

Ткъа хилларг хIун ду? Спортана, къаьстина яйчу атлетикана гонахьа тIаьхьарчу беттанашкахь лаьттачу IалагIожан башхаллаш ца евзачарна кхета хала ду, Швейцарерчу кхелехь оьрсийн атлеташа хIун къуьйсура а, цу кхело толлуш дерг хIун дара а, хIинца кхин дIа спортхойн кхоллам муха хир бу я хиллане а Оьрсийчоьнна цу IалагIожах хIун тIаьхьлонаш хила там бу бохучух.

Маршо радион дехарца эск-футболхочо, спортана ше дахаран иттанаш шераш дIаделла волчу Сатуев Адама дийцира кхетош, арбитражан кхело къастош хиллачу девнах а, цуьнан тIаьхьлонех а лаьцна.

Сатуев: „Арбитражан кхелан сацамо боху, оьрсийн яйчу атлетикан тоба Олимпиаде яха хьакъ яц, хIунда аьлча цара допинг лелор гучудаьлла. Цара шаьш лелийна ца Iаш, царна тIехIоттийначара иза магош хилар а ду гучудаьлла. Допинг-м кху дуьненчохь хийла спортхоша шайн кадаьлча лелош хуьлу, амма уьш гучубевлча, царна гIуданаш туху, дисквалификаци а йо.

Бакъду, Оьрсийчохь санна уггаре а лакхарчу Iедалан векалша и хIума мага а деш, иза лелон спортхошна гIо а деш, иза хьул а деш хилар иза дуьненчохь масала доцуш хIума ду, цхьанхьа а и саннарг гучудаьлла дац хIинцалца“.

ТIаьхьарчу беттанашкахь оьрсийн спорт допингаца йоьзначу скандалаша эгон йолаелча, цкъа хьалха Малхбузерчу журналистийн талламийн дозанашкахь лаьттина хилла допингаца долу бозбуанчаллаш, масех де хьалха официалечу тIегIане девлира, Макларен Ричарда куьйгалла дечу Дуьненаюкъарчу антидопинган агенттало шайн белхахоша бинчу талламан жамIаш леринчу рапортехь довзийтича.

Цу жамIашца, ца магийначу молханашца къепедацарш лелийнарш шаьш спортхой хилла ца Iара, царна Iуналла деш Оьрсийчоьнан лакхара хьукматхой а, урхаллин декъашхой а, ур-аталла къайлаха сервисаш а хиллера.

Билгалваьккхина ву рапортехь Оьрсийчоьнан спортан министр Мутко Виталий а, и дерриге къепедацарш цунна хууш, цуьнан пурбанца лелийна бохуш. Сатуев Адама дуьйцу, муьлхачу а кхиинчу пачхьалкхахь и санна йолу IалагIож цхьана министрана гонахь аьлча, иза оцу сохьта шен даржах вухур вара, амма Оьрсийчохь Муткос а, цунна тIехьа лаьттачу Кремлан векалша а допингана гонахьара IалагIож политикалле ю, Оьрсийчоьнна хIуьттаренаш лелон гIертачу ницкъаша йолийна скандал а ю иза бахарца, и хIума дижон гIерта, бохуш.

Сатуев: „Цу допингаца йоьзначу IалагIожехь уггаре а чIогIа бехке веш оьрсийн спортан министр Мутко Виталий ву. Амма цо дIахьедарш до, и скандал спорт бахьана долуш яц, политика бахьана долуш ю, Оьрсийчоь политикца я санкцешца шайна къар ца елча, и пачхьалкхе спортехула сийдоцчу яккха а, эшон а Iалашонца хIуьттаренаш лелор ду иза, бохуш. Оьрсийчоь цкъа а шен харцонна къера ца хилла я политикехь, я спортехь, я экономикехь. Цундела цу махкахь политикехь ма-хиллара ду спортера хьал а“.

Еариндийнахь Швейцарерчу кхело бовзийтина болу, оьрсийн атлеташ Олимпикан ловзаршка бахийтарна тIеIаткъаме сацам 68 спортхочух хьакхалуш бу. Амма тIаьхьара дош цара кху шарахьлерачу ловзаршкахь Бразилехь дакъалайцарх я ца лацарх долу, ала дезаш ерг, хьахийна ма-хиллара, Дуьненаюкъара Олимпикан комитет ю.

Бакъду, тергамхойн шеко ца йисна, цу комитето допинг лелорна сий дайначу спортхошна Рио де Жанейро боьду некъ боьхкург хиларх. Цу спортхойн лакхарчу хьаькамна, Мутко Виталийна, и некъ хIинцале а бихкина, цунна Бразилерчу ловзаршка аккредитаци ца ярца.

ХIун тIаьхло хир ю-те оьрсийн спортхоша комаьрша допингах пайда а оьцуш, шайна ца богIу толамаш бохуш хилла хилар гучудаларх а, хIинца уьш Олимпиадина гена боху сацам Швейцарерчу кхело тIеэцарх а дуьненан спортана?

Сатуев Адамна хетарехь, массо спортхошна тIехь таллам бар алсам дер ду, шеко а йоцуш. Амма бакъду, вайнзаманахьлера оьрсийн спортхойн тоба, цу кепара репутаци бехйеълла йолу, Олимпиаде ца яхийтарх дуьненан спортана хила цхьа а зе я эшам бац, аьлла хета цунна.

Сатуев: Оццул лерина ларбеш схьабогIуш болчу оцу Олимпикан къийсамна юккъе и шайн харцонаш а кхоьхьуш, вукху, шай хьанал къа а хьоьгуш, шайн доллу дахар а спортана дIа а делла, къахьоьгуш бохкучу кхечу мехкашкарчу спортхошца хьарамлонаш а лелош, харцонца толамаш баха лууш йолу оьрсийн тоба Олимпиаде ца яхийтар вуно нийса хета суна. Иза цига ца яхийтарх дуьненан спортана хила цхьа а эшам бац аьлла а хета суна“.

XS
SM
MD
LG