ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровс Нохчийчу кхойкху шен доттагIий а, мостагIий а


Нохчийчоьнан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдечу Кадыров Рамзана гуьйренан харжамашкахь тергамхой хила кхойкху шен "доттагIий а, мостагIий а". Хинболу харжамаш чекх са а гуш, цIена а, нийсонца а хир бу аьлла дIахьедар дина Кадыровс. Гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь Нохчийчохь кхайкхийна мехкан куьйгалхочун харжамаш. Кандидатийн могIарехь ву ша Кадыров а.

Зорбанаша дийцарехь, цуьнца дарж къовсуш 3 кандидат ву: «Нийсонан Оьрсийчоь» партин лидер Денильханов Султан, Юкъараллин Палатин куьйгалхо Батаев Гайрсолт, парламентан вице-спикер лаьттина Усманов Идрис. «Харжамашкахь ас харцо чекхйолуьйтур цахилар бакъ ду, цундела ас халкъе доьху ас шена луъучу кандидатна кхажтасар.

Демократин хотIехь дIахьон харжамаш ган луушберш кхойкху а Нохчийчу харжамашна тIехь тергоян», аьлла дIахьедар дина Кадыров Рамзана». Иштта тешам ло цо, нагахь санна халкъо куьйгалле ша къобалвахь, пачхьалкхерачу кхиинчу регионийн могIаре яккха Нохчийчоь.

XS
SM
MD
LG