ТIекхочийла долу линкаш

Германин зорбанийн хаамашца Мюнхенерчу йоккхачу туьканчохь герзаш диттина 15 стаг вийна, бу лазийнарш а. ТIелатар динчу кIоштахь полисхойн операции ю дIахьош. Зулам хиллачу меттиге тIеоьзна иттанаш гIоьналлин хьукматийн белхахой. Хьалхо немцойн газетанаша хаамбора, туьканахь тIелатар дина герзах боьттинчу наха, аьлла.

Цхьаболчу хаамашца тIелатардинчех цхьаъ вийна, важа кхоъ лехамашкахь ву. Зулам даран бахьанаш цкъачунна билгалдовланза ду, полисхоша дIахьедарехь, "хьал луьра ду". Мюнхенан кIоштахь Моозахехь, 1972-чу шарахь Олимпан ловзарш дIахьочу юкъахь Палестинан «Iаьржа Товбеца-бутт» («Черный сентябрь») цIе йолчу тобанера экстремисташа Израилера 11 спортхо закъалте лаьцначу стадионна уллерчу туьканахь дина зулам.

1, 5 миллион гергга адам дехачу Мюнхенехь чолхечу хьолан раж кхайкхийна Iедало, сецна юкъара транспорт а. Бахархошка доьху чуьра ара цабийлар.

XS
SM
MD
LG