ТIекхочийла долу линкаш

Германерчу Мюнхенехь пIераскана суьйранна динчу тIелатаран талламаш дIахьочу полисхошна ца карийна зуламхо «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанан декъашхошца уьйрашкахь хиларан тоьшаллаш. Схьадийцарехь 18 шо долу, Мюнхенехь 10 стаг вийна талорхо, шен орамашца ГIажарийчуьра схьаваьлла, могашаллица психикан проблемаш йолуш хллачух тера ду. Баварин коьртачу шахьаран низамхоша шоьтан дийнахь шиъ шуьйрра пресс-конференци дIаяьхьна.

Мюнхенан полисхойн декъан куьйгалхочо Андре Хубертуса шен къамелехь билгалдаьккхира, зуламхо шеца цхьаьна декъашхой а боцуш, ша цхьаъ лелла хилар, герзхо мухIажиршца цхьана а кепара уьйрашкахь хилла цахилар, хIунда аьлча, дуьненчу валар цуьнан Германехь хилла, цул совнаха, шина паспортан да а ву иза: гIажаройн, немцойн. КхоалгIа делахь, элира Андрес, цхьа а бахьана дац хилларг ДАIИШ тобанца доза.

XS
SM
MD
LG