ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанан могашаллин министралло хамааш барца, шоьтадийнахь Кабулехь динчу терактехь вийна мел лаххара а, 20 стаг, 160-нна гергга чевнаш йина, дарбан цIийне кхачийна. Билгалдаккхарехь, лазийнарш кхин а дуккха а хила тарло, хIунда аьлча, царех доккхах дакха Кабулерчу доларчу клиникашка охьабехкина.

Хьалхо хаамаш бора, шоьтан дийнахь Кабулан майданахь «Рушнои» боламан жигархой акцина гулбеллачу юккъехь эккхийтар дина, аьлла. Акцин декъашхоша доьху Туркменистанера Кабуле кхочу тоькан аса (ЛЭП-500) Бамиян, Вардак кIошташкахула чекъялийтар.

Бутт хьалха ОвхIанистаннан Iедало сацам бина ЛЭП-500 Саланг олучу дукъатIехула а, Парван провинцехула а Кабуле чукхачо.

XS
SM
MD
LG