ТIекхочийла долу линкаш

"Эккха кийчча йолчу бомбан" автор лоьху ФСБ-но


Оьрсийчохь а, цул арахьа а гоьваьллачу политологан, публицистан Пионтковский Андрейн Москохарчу цIийнах хьаьжна ФСБ-н белхахой шоьтан Iуьйранна. Оцу петарчохь вехаш хилла Пионтковскийн кIентан кIант Филипп. Хьем ца беш Пионтковскийн адвокат Фейгин Марк а кхаьчнера цига.

Дечкен-баттахь «Эхо Москвы» радион сайтехь Нохчийчуьрчу ситуацех лаьцна политологан «Эккха кийчча йолу бомба» цIарца атикл араяьллачул тIаьхьа авторна дуьхьал даьккхинчу бехктакхаман гIуллакхца дозу цIийнах хьажар.

Оцу артиклца прокуратурано чIагIдарехь Оьрсийчоьнан «лаьттанийн цхьаалла йохорехьа хьажийначу кхайкхамийн билгалонаш» хилла, цул совнаха, къаьмнашна юкъахь гамо, мостагIалла карзахдоккхуш. Пионтковский Андрей карарчу хенахь Оьрсийчоьнан дозанел а дехьа веха.

XS
SM
MD
LG