ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Спайс" йохкарна набахте


ДIадахначу шарахь Нохчийчуьрчу прокуратурано даредарца, Хьалха-Мартанарчу вахархочо Эльбуздукаевс цавевзачу стагера эцна хилла 73 грамм «спайс» олу наркотик. Цуьнан цхьа дакъа хIеттахь ши эзар соьмах йоьхкина хилла цо шен цхьана накъостана.

Талламчаша доккха зулам лору Эльбуздукаевгара даьлларг, хIунда аьлча, хууш ду «спайсах» пайдаэцаран тIаьхьало муха хуьлу.

ГIуллакх теллинчул тIаьхьа Хьалха-Мартанан кхело набахтехь яккха 10 шо хан кхайкхийна меттигерчу вахархочунна Эльбуздукаевна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG