ТIекхочийла долу линкаш

Тезетан денош ду ОвхIанистанехь шоьтадийнахь 80 стаг а вуьйш, 230 лаза а веш Кабулехь митингехь тероран тохар дарца доьзна. Президенто ГIани Ашрафа дош делла зуламхой билгалбаха а, царна доггIу таIзар дан а. Гуламхошна юкъа а вахана иккина шалавина ши ваша, хаамбо полицино. Кабулерчу ДехIмазанг майданахь дина и эккхийтар доккахчу декъанна махкарчу жима къомана хазарашна дуьхьал, уьш тоькан аса шаьш бехачу меттигашкахула чекх ца яккхийта гуламе бевллачохь, аьлла бу хаам.

Зуламдинарш, ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бахарехь, “Исламан пачхьалкх” олучу террорхойн тобанашкара бу.

XS
SM
MD
LG