ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Китайн кIошташкахь хино зенаш дина


Хи тIедаларан бахьанашца Къилбаседа Китайхь 150 стаг велла, иттанашкахь бу тIепаза байнарш. БIеннашкахь, эзарнашкахь адамийн дезна шайн хIусмаша дIатийса, бохуш хаамашбо Британерчу БиБиСи корпорацино. Уггар даккхий зенаш дина Хэбэй, Хэнан провинцешкахь. 114 гергга стаг велла, 111 доьза вайна Хэбейхь, мел лаххра а, 53 эзар цIенош хIаллкхдина.

25 стаг веллачу Синтай гIалара бахархой арабевллера Iедал бехкедеш демонстраци, хи дистина тIедаларан кхерам шайна схьа ца хаийтарна а, адам бохамна кIелхьарадоккхуш кхачойоллу гIортам ца барна а. Зен хиллачу кIошташкахь тоькаца а, некъан транспортца а къоьлла ю.

Мангал-бутт бовш дуьйнна саццанза догIанаш лаьтта Китайрчу цхьацца кIошташкахь. Къаьсттина чоле хьал билгалдаьлла Янцзы хи чекхдолучу доьдучу метигашкахь. Кху аьхкенца Китайхь токхамаш, хидестаран бахьанашца бохам баьлла 200 стагна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG