ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно дакъалоцу Бразилерчу ловзаршкахь, амма...


Кху шарахь Бразилехь дIахьочу Олимпиадехь Дуненаюкъара Олимпан кхомитет ца хIоьттина Оьрсийчоьнан атлеташ дакъалоцучуьра баха. Амма хIиттийна царна хьалха цара кхочушдадеза хьелаш. ХIора атлетехь хила еза ловзаршкахь цунна дакъалаца дуьненаюкъарчу федерацино елла бакъо, теллина хила веза допингашна.

Юкъара бохуш бу ловзаршна цкъа мацца а допингаш лелорехь гучубевлла хилла спортхой. КIира гергга хьалха Дуьненаюкъарчу допингашна дуьхьалояран агенталло дIахьедира Оьрсийчоьнан антидопинган лабораторино спортхоша допинг лелош а, лелийна а хилар хьулдо, оцу зуламна декъахь ФСБ а ю, аьлла.

Оцу бахьанийца итт сов пачхьалкхо декхарейира дуьненаюкъара Олимпан комитет Оьрсийчуьра атлеташ Олимпан ловзаршка ца бахийта. Ткъа Оьрсийчоьнан куьйгалло комитет бехке йира политикан таьжгаллаш лелайо цо Оьрсийчоьнца, аьлла.

XS
SM
MD
LG